Mark 7:24-30
Кхечу къомах йолчу зудчун тешар
(Маттай 15:21-28)
24И меттиг а йитина, Цора олучу гӀалин юххерчу меттигашка вахара Ӏийса. Ша цӀа чу волуш, цхьанна а ца хоуьйтуш ваха лиира Ӏийсана, делахь а хьулвалар ца хилира Цуьнан. 25Харцжинаша йоӀ хьийзош йолчу цхьана зудчунна хааделира Ӏийса вар, оцу сохьта схьа а еана, Цуьнан когашка юьйжира и зуда. 26Иза Сирийпиникера схьаяьлла йолу грекахо яра. Цо чӀогӀа дехар дира Ӏийсага, шен йоӀана чуьра жин арадаккхахьара аьлла. 27Ӏийсас элира цуьнга: «Цкъа хьалха бераш дузадайта, хӀунда аьлча нийса а хир дац берашкара юург, схьа а яьккхина, жӀаьлешна тасар». 28Амма зудчо жоп делира Ӏийсага: «Эла, ур-атталла жӀаьлеша а ма доу стоьла кӀел бераша эгийна цуьргаш». 29ТӀаккха Ӏийсас элира цуьнга: «Ахьа иштта жоп даларна маршонца цӀа яха мегар ду хьо. Жин арадаьлла хьан йоӀана чуьра». 30Ша цӀа йирзича, жин чуьра ара а даьлла, меттахь йижина Ӏаш карийра зудчунна шен йоӀ.
Copyright information for
CheCAC2012