‏ Mark 8:1-10

Виъ эзар стаг вузавар

(Маттай 15:32-39)

1Иштта цхьана дийнахь дукха адам гулделлера Ӏийса волчу, ткъа царна яа хӀума яцара. Ӏийсас, Шен мурдаш тӀе а кхайкхина, элира цаьрга:

2«Суна къахета оцу нахах, хӀунда аьлча кхо де а ду уьш Соьца болу, ткъа царна яа хӀума яц. 3Аса меца дӀабахийтича, новкъахь гӀеллур бу уьш, хӀунда аьлча царах цхьаберш геннара баьхкина бу».

4Цуьнан мурдаша жоп делира: «ХӀара адам дузо иштта яьссачу меттехь мичахь карор ду оццул бепиг?»

5Ӏийсас хаьттира цаьрга: «Маса бепиг ду шуьгахь?» – аьлла.

«ВорхӀ ду», – аьлла, жоп делира цара.

6ТӀаккха оцу нахе лаьтта охьаховша а аьлла, и ворхӀ бепиг схьа а эцна, Деле хастаман доӀа а дина, бепиг каг а деш, Шен мурдашка кховдадора Ӏийсас, ткъа вукхара иза нахана доькъура. 7Иштта масех жимо чӀара а бара цаьргахь, уьш а, декъалбина, бекъийтира Ӏийсас. 8Наха шаьш буззалц хӀума йиира. Дисинчу дакъоша ворхӀ тускар дуьзира. 9Ткъа гулделла адам диъ эзар кхоччуш дара.

Цул тӀаьхьа Ӏийсас нах дӀабахийтира,
10ткъа Ша, сихха Шен мурдашца хинкеман тӀе а хиъна, ДалманутӀа олучу меттигна юххехьа веара.
Copyright information for CheCAC2012