Mark 8:11-13
Ӏийсана тамашийна хӀума гайтар тӀедиллар
(Маттай 16:1-4; Лака 11:29-32)
11 aЦигахь парушхой, тӀе а баьхкина, Ӏийсаца къийса буьйлабелира. Стигалара тамашийна билгало гайта аьлла дехар дира цара Ӏийсага, Иза зерхьама. 12 bДоккха са а даьккхина, Ӏийсас элира: «Тамашийна билгало гайтар хӀунда доьху аш Соьга? Баккъалла а боху шуьга, тамашийна билгало гойтур яц Ас шун тайпанна а». 13ТӀаккха, уьш Ӏад а битина, юха а Шен мурдашца хинкеманна тӀе а хиъна, Ӏоман дуьхьаларчу берда тӀе вахара Ӏийса.
Copyright information for
CheCAC2012