‏ Mark 8:14-21

Парушхойн а, ХӀародан а муьста бод

(Маттай 16:5-12)

14Оцу хенахь мурдашна шайна яа хӀума схьаэца дицделлера, хинкеман тӀехь долу цхьа бепиг бен хӀумма а яцара цаьргахь. 15 aӀийсас дӀахаийтира цаьрга ишттачу дешнашца: «Хьовсалаш! Парушхойн а, ХӀародан а муьстачу бедах ларлолаш».

16ТӀаккха мурдаш вовшашлахь дагабуьйлуш бара, и бохург хӀун ду те бохуш. «Вайгахь бепиг доцу дела боху хьуна Цо вайга иштта», – бохура цара вовшашка.

17Цара стенах лаьцна дуьйцу хууш волчу Ӏийсас элира цаьрга: «Стенна дуьйцу аша, шайгахь бепиг дац бохуш? ХӀинца а ца го те шуна, кхета а ца кхета те шу? Дегнаш оццул шагделла те шун? 18 bБӀаьргаш боллушехь, ца го те шуна? Ткъа лергаш доллушехь, ца хеза те шуна? Дага ца догӀу те шуна, 19маса тускар дуьззина баьпкан юьхкаш гулйира аша, Аса пхи бепиг пхи эзар стагана доькъучу хенахь?»

«Шийтта тускар дара», – жоп делира мурдаша.

20«Ткъа Аса ворхӀ бепиг виъ эзар стагана декъча, дуьззина маса тускар юьхкаш гулйира аша?»

«ВорхӀ», – жоп делира цара.

21ТӀаккха Цо хаьттира цаьрга: «ХӀинца а ца кхета те шу?» – аьлла.
Copyright information for CheCAC2012