‏ Mark 8:27-29

Кипас Ӏийсах лаьцна аьлларг

(Маттай 16:13-20; Лака 9:18-21)

27Цул тӀаьхьа Ӏийса Шен мурдашца Пилап-паччахьан гӀалин гонахарчу ярташка воьду. Новкъахь Цо Шен мурдашка хаьттира: «Со мила ву олу наха?» – аьлла.

28 aЦара жоп делира: «Цхьаболчара Хьо нах хих чекхбоху Яхьъя ву олу, ткъа вукхара – Эли-ЯхӀу-пайхамар ву боху, кхозлагӀчара тоьшалла до, Хьо пайхамарех цхьаъ ву бохуш».

29 bТӀаккха Ӏийсас хаьттира: «Ткъа аша хӀун боху, Со мила ву боху аша?»

Кипас жоп делира Цунна: «Хьо Дала леррина Къобалвинарг ву-кх», – аьлла.
Copyright information for CheCAC2012