Mark 8:30-38
30ТӀаккха Ӏийсас Шех лаьцна цхьаьнгге а дийцар дихкира мурдашна.Ӏийсас Шен Ӏожаллех а, денваларх а лаьцна дуьйцу
(Маттай 16:21-28; Лака 9:22-27)
31Цул тӀаьхьа царна хьехамаш бан волавелира Ӏийса. Цо дийцира Адамийн КӀентан дукха баланаш лан дезарх лаьцна а, баккхийчара а, динан коьртачу дайша а, Ӏеламчу наха а тӀе ца лаьцна хила дезарх а, Иза вен везарх а, амма кхозлагӀчу дийнахь денвала везарх а. 32Ӏийсас, лечкъа а ца деш, дӀадийцира цаьрга цунах лаьцна. Ткъа Кипас, Иза юьстах а ваьккхина: «Ишттаниг дийца а ма дийца», – элира. 33Амма Ӏийсас, юха а вирзина, Шен мурдашка а хьаьжна, буьрса жоп делира Кипе: «ДӀадала Суна уллора, иблис! Хьан даг чохь Делан ойланаш яц, адамийн ойланаш ю». 34 aТӀаккха, нах а, Шен мурдаш а тӀе а кхайкхина, Цо элира цаьрга: «Соьца ван луург, шен „со“бохург дӀа а теттина, шен баланийн мохь ▼▼Баланийн мохь – бакъду, грекийн маттахь иштта яздина ду: жӀаран бӀогӀам.
тӀе а лаьцна, Суна тӀаьхьахӀотта веза. 35 cХӀунда аьлча шен са кӀелхьардаккха лууш верг сих вер ву, амма Сан а, Делера болу хазачу кхоан а дуьхьа шен са дӀалучо иза кӀелхьардоккхур ду. 36ХӀунда аьлча хӀун пайда бу адамна, хӀара дерриге а дуьне карахь хилча а, иза шен сих волуш хилча. 37Ткъа хӀун делча, шен са юхадерзалур ду адаме? Амма хӀокху Делах тешар а доцуш, къинойх дуьзначу дуьнен чохь, нагахь санна Сох а, Сан дешнех а эхь хетахь, Со а, Адамийн КӀант, дӀавоьрзур ву цу стагах, Сайн Ден олаллин нуьраца Делан маликашца схьавеача».38 Mark 9:1
1ТӀаккха кхин а элира Ӏийсас: «Аса баккъалла а боху шуьга: шуна юкъарчу цхьаболчарна шаьш кхалхале Делан Олалла гур ду шен мел болчу ницкъаца».
Copyright information for
CheCAC2012