‏ Mark 8:31

Ӏийсас Шен Ӏожаллех а, денваларх а лаьцна дуьйцу

(Маттай 16:21-28; Лака 9:22-27)

31Цул тӀаьхьа царна хьехамаш бан волавелира Ӏийса. Цо дийцира Адамийн КӀентан дукха баланаш лан дезарх лаьцна а, баккхийчара а, динан коьртачу дайша а, Ӏеламчу наха а тӀе ца лаьцна хила дезарх а, Иза вен везарх а, амма кхозлагӀчу дийнахь денвала везарх а.
Copyright information for CheCAC2012