‏ Mark 9:11-13

11 aЦара хаьттира Ӏийсага: «Хьалха Эли-ЯхӀу-пайхамар ван веза хӀунда олу те Ӏелам наха?»

12Ӏийсас жоп делира царна: «ХӀаъ, хьалха билггала Эли-ЯхӀу-пайхамар ван веза, массо а хӀуманна тӀехь низам хӀотторхьама. Ткъа Адамийн КӀантах лаьцна яздина хӀунда ду, Цо дуккха а баланаш хьоьгур бу, Иза сийсаз а вийр ву аьлла? 13Амма Ас боху шуьга, Эли-ЯхӀу-пайхамар цкъа веанера, цунна а шайна луъург дира, цунах лаьцна яздина ма-хиллара».
Copyright information for CheCAC2012