‏ Mark 9:14-27

Жино хьийзош волу кӀант туовар

(Маттай 17:14-21; Лака 9:37-43)

14Уьш шайн бисинчу мурдашна тӀе юхабирзича, царна гонах йоккха тоба а, цаьрца къуьйсуш лаьтташ Ӏелам нах а гира ӀийсагӀарна. 15Цу сохьта, Ӏийса а гина, массо а адам цецдаларца тӀехьаьдира, Цуьнга маршалла хаттархьама. 16Ӏийсас хаьттира цаьрга: «ХӀун къуьйсу аш цаьрца?» – аьлла.

17Тобанна юкъара цхьана стага жоп делира Цуьнга: «Устаз! Сайн кӀант валийна аса Хьуна тӀе. Иза мотт сацочу жино хьийзаво. 18И жин тӀе а кхоссалой, и кӀант цо лаьттах тоьхча, цуьнан бетах чопа а хӀуттий, цергаш а хьекхош, Ӏада а вой, вуьсу иза. Хьан мурдашка и жин арадаккхар дехнера аса, амма цаьрга иза дан ца дели».

19ТӀаккха Ӏийсас элира, цаьргахьа а вирзина: «Ва тешар доцу тукхам! Мел хир ву техьа Со шуна юкъахь? Мел лан деза техьа Аса шу? Схьавалаве иза Суна тӀе».

20КӀант Ӏийсана тӀе валийра. Ӏийса гича, жино кӀантана лазар а даийтина, иза охьатуьйхира. Ткъа важа, лаьтта охьа а воьжна, керча а керчаш, багара чопа а оьхуш дӀахӀоьттира. 21ТӀаккха Ӏийсас хаьттира цуьнан дега: «Мел хан ю цунна иза хуьлуш долу?»

«Беран хенахь дуьйна», – элира дас.
22«Дукхазза а жино цӀерга а, хи чу а кхоьссина иза, верхьама. Нагахь Хьайга хӀуъа а цхьа хӀума далур делахь, тхох къинхетам бай, гӀо дехьа тхуна».

23Ӏийсас жоп делира цунна: «Дан лур делахь?! – Дерриге а далур ду Делах тешаш волчунна».

24КӀентан дас, мохь а хьоькхуш, элира: «Со баккъалла а теша! Со цатешарна, теша гӀо дехьа суна!»

25Шайна сихха тӀейогӀуш йолу адамийн тоба а гина, Ӏийсас жине элира: «Аса омра до хьоьга: ара а далий, кхин цкъа а хӀокхунна чу ма дола!» – аьлла.

26Ткъа жин, мохь а хьокхуш, кӀентан пхенаш чӀогӀа ийза а дойтуш, цунна чуьра араделира. КӀант, велча санна, Ӏуьллуш вара, цундела дукхахболчара бохура: «Иза велла». 27Ткъа Ӏийсас, кӀентан куьг а лаьцна, цунна хьалагӀатта гӀо дира.
Copyright information for CheCAC2012