‏ Mark 9:2-13

Ӏийса хийцавалар

(Маттай 17:1-13; Лака 9:28-36)

2 aЯлх де даьлча, Шеца Кипа, Якъуб, Яхьъя бен кхин цхьа а ца вуьгуш, Ӏийса лекхачу лам тӀе велира. Цигахь, царна хьалххахь, Дала Цуьнан амат хийцира. 3Цунна тӀера духар бӀаьрг тӀе а ца хӀуттуш кӀайделира, хӀокху лаьтта тӀехь хӀуманаш юьттучу цхьана а стага кӀайдийр доцучу тайпана. 4Церан бӀаьрг кхийтира Ӏийсаца къамел деш волчу Эли-ЯхӀу-пайхамарххий, Муса-пайхамарххий. 5Кипас, Ӏийсагахьа а вирзина, элира: «Устаз! Ма дика Ӏа вай кхузахь, кхо кхалор ей вай: цхьаъ Хьуна, цхьаъ Мусана, цхьаъ Эли-ЯхӀуна». 6Кипас элира и, ша хӀун эр ду а ца хиъна, хӀунда аьлча мурдаш чӀогӀа кхерабеллера. 7 bТкъа цу хенахь, марха тӀе а еана, уьш дӀахьулбелира цуьнан ӀиндагӀехь, мархашна юкъара аз хезира: «ХӀара ву Суна дукхавезаш волу Сан КӀант. Цуьнга ладогӀа!» – аьлла. 8Цу сохьта, уьш шайна гонах хьаьжча, царна юххехь кхин цхьа а ца гира, Ӏийса воцург.

9Уьш лам тӀера охьабуьссучу хенахь, Ӏийсас царна тӀедиллира, шайна гиначух лаьцна цхьаьнгге а ца дийцар, Адамийн КӀант веллачуьра денваллалц. 10Мурдаша хилларг къайладаьккхира, амма вовшашлахь цара хоьттура: «Веллачуьра денвалар хӀун ду те?» 11 cЦара хаьттира Ӏийсага: «Хьалха Эли-ЯхӀу-пайхамар ван веза хӀунда олу те Ӏелам наха?»

12Ӏийсас жоп делира царна: «ХӀаъ, хьалха билггала Эли-ЯхӀу-пайхамар ван веза, массо а хӀуманна тӀехь низам хӀотторхьама. Ткъа Адамийн КӀантах лаьцна яздина хӀунда ду, Цо дуккха а баланаш хьоьгур бу, Иза сийсаз а вийр ву аьлла? 13Амма Ас боху шуьга, Эли-ЯхӀу-пайхамар цкъа веанера, цунна а шайна луъург дира, цунах лаьцна яздина ма-хиллара».
Copyright information for CheCAC2012