Mark 9:2-7
Ӏийса хийцавалар
(Маттай 17:1-13; Лака 9:28-36)
2 aЯлх де даьлча, Шеца Кипа, Якъуб, Яхьъя бен кхин цхьа а ца вуьгуш, Ӏийса лекхачу лам тӀе велира. Цигахь, царна хьалххахь, Дала Цуьнан амат хийцира. 3Цунна тӀера духар бӀаьрг тӀе а ца хӀуттуш кӀайделира, хӀокху лаьтта тӀехь хӀуманаш юьттучу цхьана а стага кӀайдийр доцучу тайпана. 4Церан бӀаьрг кхийтира Ӏийсаца къамел деш волчу Эли-ЯхӀу-пайхамарххий, Муса-пайхамарххий. 5Кипас, Ӏийсагахьа а вирзина, элира: «Устаз! Ма дика Ӏа вай кхузахь, кхо кхалор ей вай: цхьаъ Хьуна, цхьаъ Мусана, цхьаъ Эли-ЯхӀуна». 6Кипас элира и, ша хӀун эр ду а ца хиъна, хӀунда аьлча мурдаш чӀогӀа кхерабеллера. 7 bТкъа цу хенахь, марха тӀе а еана, уьш дӀахьулбелира цуьнан ӀиндагӀехь, мархашна юкъара аз хезира: «ХӀара ву Суна дукхавезаш волу Сан КӀант. Цуьнга ладогӀа!» – аьлла.
Copyright information for
CheCAC2012