Matthew 1:1-17
Ӏийса схьавалар
(Лака 3:23-38)
1ХӀара ду шуна Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан схьаваларх лаьцна долу дӀаяздинарг. Иза Даудах схьаваьлла, ткъа Дауд ИбрахӀиман тӀаьхьенах хилла. 2ИбрахӀим Исхьакхан да хилла,Исхьакх – Якъубан да,
Якъуб – ЯхӀудан а, цуьнан вежарийн а да,
3ЯхӀуд – Парасан а, Зерахьан а да, ткъа церан нана Тамара хилла.
Парас Хьацранин да хилла,
Хьацрани – Раман да.
4Рам Ӏамминадабан да хилла,
Ӏамминадаб – Нахьшонан да,
Нахьшон – Салманан да,
5Салман – БоӀазан да. БоӀазан нана Рахьаб хилла.
БоӀаз Ӏабадин да хилла. Ӏабадин нана Рути хилла.
Ӏабади Юшайн да хилла,
6Юшай – Даудан да хилла.
Дауд Сулим-паччахьан да хилла, цуьнан нана хьалха УръяхӀугахь марехь хилла.
7Сулим-паччахь РахьбуӀаман да хилла,
РахьбуӀам – Аби-ЯхӀун да,
Аби-ЯхӀу – Асин да,
8Аса – ЯхӀушаптин да,
ЯхӀушапти – Йораман да,
Йорам – Ӏузи-ЯхӀун да,
9Ӏузи-ЯхӀу – Йовтаман да,
Йовтам – Ахьазан да,
Ахьаз – Хьузакх-ЯхӀун да,
10Хьузакх-ЯхӀу – Маннашан да,
Маннаш – Аминан да,
Амин – Юши-ЯхӀун да,
11 aЮши-ЯхӀу – Яхун-ЯхӀун а, цуьнан вежарийн а да хилла. Цу хенахь дерриг а Исраилан къам Бавел-махка дӀадигна хилла.
12Бавел-махкара цӀа баьхкинчу хенахь Яхун-ЯхӀу Шалтаалан да хилла,
Шалтаал Зурбабелан да хилла,
13Зурбабел – Авадин да хилла,
Авади – Элъякъиман да,
Элъякъим – Узаран да,
14Узар – ЦӀадукъин да,
ЦӀадукъа – Ахьмин да,
Ахьма – Аладин да,
15Алади – ЭлиӀазаран да,
ЭлиӀазар – МатӀанин да,
МатӀани – Якъубан да,
16Якъуб – Мареман майра волчу Юсупан да.
Марема Ӏийса вина, Дала леррина Къобалвинарг аьлла, цӀе йоккхуш волу.
17ИбрахӀимна тӀера Даудана тӀе кхаччалц ейтта тӀаьхье хилла, Даудана тӀера Бавеле йийсаре бахийтталц – ейтта тӀаьхье хилла, ткъа иштта ейтта тӀаьхье кхиъна Бавелера юхабалийначул тӀаьхьа Ӏийса дуьнен чу валлалц.
Copyright information for
CheCAC2012