Matthew 1:18-25
Ӏийса дуьнен чу валар
18 aЦуьнан дуьнен чу валар иштта хилира: Ӏийсан нана Марем Юсупна ехна хилла. Амма иза маре яхале гучудаьлла Марем Делан Синах доьзалхочух хилар. 19Цуьнан хин волу майра Юсуп чӀогӀа оьзда стаг хилла. Цо шайна юкъахь хьахаделла долу захало, нахала а ца доккхуш, дохо сацам бина хилла. 20Цо цу гӀуллакхах лаьцна ойла ечу хенахь, цунна гӀенах Везачу Элан малик дуьхьалтесира. Малико элира: «Даудан кӀант Юсуп, Марем хьайна дӀайига ма кхера, хӀунда аьлча цуьнан кийрахь долу бер Делан Синах схьадаьлла ду. 21 bЦо кӀант вийр ву. Цуьнан цӀе Ӏийса ▼▼Ӏийса – иза «Везачу Эло кӀелхьарвоккху» бохург ду.
тиллалахь, хӀунда аьлча Цо Шен къам къинойх кӀелхьардоккхур ду». 22И шадерг а хилла, Везачу Эло Шен пайхамарехула аьлларг кхочуш хилийтархьама. Делан Йозанна тӀера дешнаш иштта дара: 23 d«ЙоӀстага, берах а хилла, КӀант вийр ву,Цуьнан цӀе Ӏимануал туьллур ю.
Иза „Тхоьца Дела ву!“– бохург ду».
24Юсуп самаваьлча, цо, Везачу Элан малико ма-хьеххара, Марем шена маре схьаялийра. 25 eАмма бер дина яллалц, цо цунах куьг ца туьйхира. Юсупа цу кӀентан цӀе Ӏийса тиллира.
Copyright information for
CheCAC2012