‏ Matthew 10:17-20

17 aНахах ларлолаш, цара кхеле дӀалур ду шу, шайн гуламан цӀенош чохь етта а йоьттуьйтур ю шуна. 18Со бахьана долуш паччахьашний, элашний тӀе а дуьгур ду шу. Царний, кхечу къаьмнех болчарний хьалха тоьшалла дан а дезар ду шун, шу Сан мурдаш болу дела. 19Шаьш дӀалаьцначул тӀаьхьа, хӀун эр ду техьа оха бохуш, гӀайгӀане а ма хила, хӀунда аьлча шуна дӀаделлалур ду, хӀун ала деза. 20Дагахь латтаделаш шайна иза, хӀунда аьлча и къамел деш дерш шу хир дац, иза шун стигаларчу Ден Са хир ду шуьгахула цаьрца къамел деш.
Copyright information for CheCAC2012