Matthew 10:5-15
Ӏийсас шийтта мурд дӀахьажор
(Марк 6:7-13; Лака 9:1-6)
5Ӏийсас, Шен шийтта мурд дӀахьажош, царна тӀедиллира: «Шамранан махкахь йолчу гӀаланашна чу ма гӀолаш, я кхечу къаьмнийн нахана тӀе а ма гӀолаш. 6Исраилан махкара хӀаллакьхила хьаьхна, тиладеллачу уьстагӀашна тӀе гӀо, 7кхайкхам беш: „Стигалийн Олалла генахь дац“. 8Цомгуш берш тобе, белларш денбе, чкъураца ца йоьрзу чевнаш ерш лазарх цӀанбе, харц жинаш дӀалелхаде. Маьхза карадеанарг мах боцуш дӀало. 9Шайца я ахча а, я деши а, я дети а, я цӀаста а схьа ма эца. 10 aШаьш новкъа довлуш, некъан тӀоьрмаг а схьа ма эца, шайна тӀехь йолу бедаршший, мачашший бен. Ӏаса а ма эца шайца схьа. Къахьоьгуш долу шу хьакъ ма ду нахера юург-мерг схьаэца. 11Шаьш муьлххачу гӀала я юьрта кхаьчча, хьажа, шаьш тӀелаца хьакъ дерг мила ву. Иза волчохь Ӏе, шаьш дӀадаха хан тӀекхаччалц. 12Шаьш хьошалгӀа доьлхуш, шаьш тӀеоьцуш волчу хӀусамдега маршалла хатта. 13Аша дӀаделла долу маршалла тӀеэца хьакъ долуш и хӀусам елахь, машар а, барт а хуьлийла цу хӀусамехь. Иза хила хьакъ долуш и хӀусам яцахь, шун лаам шуна юхабоьрзийла. 14 bШаьш тӀе а ца оьцуш, аша бохучуьнга ла а ца дугӀуш йолчу хӀусамера я гӀалара дӀагӀо, шайн когаш тӀера чан охьа а егош. 15 c dБакъдерг боху Аса шуьга: къематан дийнахь цу гӀалара хьал Седамеххьий, Ӏамор-гӀалаххьий чул инзаре хир ду».
Copyright information for
CheCAC2012