‏ Matthew 11:2-19

2Ӏийсас лелош долчух лаьцна шена хезча, набахти чохь воллуш волчу Яхьъяс шен мурдаш бахийтира 3Цунна тӀе хаттарца: «Хьо вуй и ван везаш верг, я тхо кхечуьнга хьоьжуш Ӏан деза?»

4Ӏийсас цаьрга элира: «Даха а гӀой, Яхьъяга шайна гинарг а, хезнарг а дийца: 5 aбӀаьрзечарна бӀаьрса ло, астагӀнаш нийса дӀалела, ца йоьрзуш йолу чкъуран цамгар ерш цӀанло цу цамгарх, къорачарна хеза, белларш денло, къечарна хаза кхаъ кхайкхабо. 6Декъала ву Сох шек воцург».

7Мурдаш дӀабахначул тӀаьхьа Ӏийса адамийн тобанна Яхьъях лаьцна дийца волавелира: «Шу яьссачу аренга стенга хьовса даханера? Мохо лесточу эрзе хьовса-м ца даханера шу? 8ХӀан-хӀа. Ткъа стенга хьажа даханера? Хаза хӀума тӀеюьйхинчу стаге хьажа дахнера? ХӀан-хӀа. Исбаьхьа бедарш юьйхина нах паччахьан гӀаланаш чохь Ӏаш бу. 9Ткъа хьаьнга хьовса дахнера шу? Пайхамаре хьовса дахнера? ХӀаъ, боху Аса шуьга. Яхьъя вукху пайхамарел лакхара ву. 10 bЦунах лаьцна Делан Йозанаш тӀехь яздина ду: „Хьажал! Ас Хьуна хьалха Сайн геланча воуьйту. Цо Хьуна некъ кечбийр бу!“ 11Аса бакъдерг боху шуьга: кху дуьнен тӀе бевллачарна юкъахь нах хих чекхбохучу Яхьъял сийлахь а, воккха а стаг вац. Делахь а стигалийн Олалла тӀелаьцначарна юкъахь уггаре а лахарниг а цул лакхара ву. 12 cНах хих чекхбохучу Яхьъян заманера дуьйна таханлерчу денна тӀе кхаччалц стигалийн Олалла, яккхий гӀулчаш йохуш, дӀадоьдуш ду, ницкъ беш берш иза сацо гӀерташ белахь а
...стигалийн Олалла, яккхий гӀулчаш йохуш, дӀадоьдуш ду, ницкъ беш берш иза сацо гӀерташ белахь а – цуьнан кхин маьӀна а хила таро ю: ...стигалийн Олаллина дуьхьал луьра тӀелатарш ду, ткъа ницкъ бийраш Иза эшо гӀерташ бу.
.
13ХӀунда аьлча товрат-хьехамаша а, пайхамарша яздинчо а хиндерг схьааьлла долуш дара, Яхьъя лелаш хилла волу хан тӀекхаччалц. 14 eЦара бохуш дерг шу тӀеэца кийча делахь, Яхьъя ву-кх шуна и вогӀур ву бохуш волу Эли-ЯхӀу. 15Лергаш долчунна хӀара дӀахезийла.

16Хьаьнца юстур ю Аса хӀара тӀаьхье? Уьш, базаран майданашкахь кхечу берашка мохь а бетташ, Ӏаш долчу берех тера ду: 17„Оха шун дуьхьа шедаг лекхира, ткъа шу халха а ца девлира!
Оха шуна гӀийла эшарш лекхира, ткъа шу гӀайгӀане а ца хилира!“

18Яхьъя гучуваьлла. Цо хӀума а ца йоу, мала а ца молу. Ткъа цунах лаьцна дуьйцу, иза жинаша хьийзош волу стаг ву бохуш. 19Цул тӀаьхьа Адамийн КӀант веара. Цо яа а йоура, мала а молура. Цунах лаьцна а дуьйцу: „Хьовсал цу адаме! И юуш ву, молуш ву, ял йоккхучийн а, къинош летийначийн а доттагӀа ву!“Амма Делера долу хьекъал бакъдо цунах даьллачу гӀуллакхаша».
Copyright information for CheCAC2012