‏ Matthew 11:25-27

Суна тӀе дуьйла, Аса синтем лур бу шуна

(Лака 10:21, 22)

25ТӀаккха Ӏийсас элира: «Аса сий до Хьан, Сан Да, стигаллий, латтий карахь долу Веза Эла, хьекъалчеххий, Ӏилманчеххий и хӀума къайла а даьккхина, бер санна, догцӀеначарна Ахьа иза дӀаделларна. 26ХӀаъ, Сан Да, иза Хьан лаамца хилла ду. 27 aДерриг а Сан Дас схьаделла Суна, ткъа КӀант Дена бен ца вевза. Да а ца вевза КӀантаний, Цунна Да вовзийта лиъначунний бен.
Copyright information for CheCAC2012