‏ Matthew 12:1-8

СадоӀучу шоьтан дийнахь буьртигаш схьадахар

(Марк 2:23-28; Лака 6:1-5)

1 aСадоӀучу шоьтан дийнахь Ӏийса дӀайийначу аренгахула схьавогӀуш хилла. Мацбелла болчу Цуьнан мурдаша, кӀен кенаш схьа а дохуш, царна юккъера буьртигаш дууш хилла. 2И сурт гина болчу парушхоша Ӏийсага элира: «Хьажал! Хьан мурдаш Дала кхоьллинчу шоьтан садоӀучу дийнахь ца магийна дерг лелош бу».

3 bӀийсас царна жоп делира: «Дауд-паччахьо, шен накъостий мацбелча, диначух лаьцна ца дешна аша? 4 cЦо, Делан цӀа чу а вахана, Далла къобалдина долу деза бепиг, схьа а эцна, шений, шен накъосташний юккъехь декъа а декъна, диина, и санна долу хӀума дан дихкина хилла доллушехь. И бепиг динан дайшна бен даа магош ца хилла. 5 dТоврат-хьехамаш тӀехь аша ца дешна, Делан цӀийнан кертахь болх а беш, динан дайша шоьтан садоӀу де дохош хиларх лаьцна, ткъа царна цхьаммо а бехк ца билларх лаьцна а? 6Аса боху шуьга, тахана кхузахь Лаьттарг Делан цӀийнал дуккха а лакхара ву. 7 eДелан Йозанна тӀера „Суна шун вовшашца къинхетамалла хилар деза ду, аша Сан дуьхьа дохучу сагӀанел“– бохуш долу дешнех шу кхеташ делахьара, аша бехк боцурш бехке бийр бацара. 8Хаалаш, Адамийн КӀант Дала кхоьллинчу шоьтан денна тӀехь а Эла ву шуна».
Copyright information for CheCAC2012