Matthew 12:22-30
Ӏийса а, БаӀал-Зебула а
(Марк 3:20-30; Лака 11:14-23; 12:10)
22ТӀаккха Ӏийсана тӀе цхьа стаг валийра. Жинаша хьийзош хиларна, бӀаьрзе а, мотт а сецна а вара иза. Ӏийсас иза товира: цомгушниг, мотт а буьйцуш, бӀаьрса схьа а деана, дӀахӀоьттира. 23 aАдамаша, цец а дуьйлуш, вовшашка хоьттура: «Даудан КӀант-м вац теша Иза?» 24 bИза хезна болчу парушхоша элира: «Цо жинаш дӀалелхадо церан эла волчу БаӀал-Зебула-жинан гӀоьнца». 25Ӏийсана хууш дара церан дагахь дерг. Цо элира: «Муьлхха а екъаелла йолу пачхьалкх хӀаллакьхила хьаьхна ю. Юкъахь барт боцу хӀора гӀала я доьзал шаьш ма-хиллара латталур дац. 26Нагахь санна жин жино дӀалаллахь, иблис ша-шена дуьхьал долу. Ткъа муха лаьттар ду цуьнан олалла? 27Нагахь Ас, аша ма-баххара, жинаш БаӀал-Зебулин гӀоьнца дӀалохкуш хилча, шуна тӀаьхьахӀоьттинчара хьенан гӀоьнца лохку уьш дӀа? Иштта, цара йийр ю шуна кхел. 28Амма Аса Делан Синца уьш дӀалахкахь, иза тоьшалла ду шуна Делан Олалла шу долчу кхаьчна хилар. 29Шел ницкъ болуш волчу стеган цӀа чуьра хӀума муха лачкъор ю, иза цкъа хьалха дӀавихкина бен? Цул тӀаьхьа бен далур дуй къола? 30 cСоьца воцург Суна дуьхьал ву, Соьца нах схьагулбеш воцург уьш дӀасакхуьйсуш ву.
Copyright information for
CheCAC2012