‏ Matthew 12:38-42

Тамашийна хӀума гайтар тӀедиллар

(Марк 8:11, 12; Лака 11:29-32)

38 aЦхьаболчу Ӏеламчу нахий, парушхоший Ӏийсага дийхира: «Устаз! Тхуна чӀогӀа лаьара Ахьа тамашийна гӀуллакхийн билгало гойтийла!»

39 bАмма Ӏийсас жоп делира: «Боьха а, телхина а йолу тӀаьхье! Тамашийна гӀуллакхийн билгалонашка сатуьйсуш ду-кх шу. Цхьа а билгало гур яц шуна, Юнус-пайхамарехула гайтинарг йоцург. 40 cЮнус кхаа дийнаххьий, кхаа бусий боккхачу чӀеран кийрахь ма-хиллара, Адамийн КӀант а хир ву Лаьттан даг чохь кхаа дийнаххьий, кхаа бусий. 41 dКъематан дийнахь Нунав-гӀалара бахархоша, беллачуьра ден а белла, уьш бехке бийр бу, хӀунда аьлча уьш Юнуса бина хаам бахьана долуш дохкобевлла, ткъа шуна хьалха Верг Юнусал лакхара ву. 42 eЦу тӀаьхьенах болчу нахаца цхьаьна къилбехьара зуда-паччахь а денлур ю кхел ечу хенахь, цо уьш бехке а бийр бу, хӀунда аьлча иза цхьана дуьненан маьӀӀера йогӀура Сулим-паччахье ладогӀа. Ткъа кхузахь Верг Сулим-паччахьал веза ву».
Copyright information for CheCAC2012