‏ Matthew 12:43-45

Харцжин юхадар

(Лака 11:24-26)

43«Харцжин стагах дӀакъаьстича, иза хи доцучу яьссачу аренгахула долалой лелаш хуьлу, тӀетовжа меттиг а ца карош. 44ТӀаккха цо олу: „Со арадаьллачу цӀа чу юхадоьрзур ду со“. Амма и стаг волчу юхадеъча, ша Ӏийна меттиг яьсса а, нуй хьаькхна а, цӀанйина а карайо цунна. 45ТӀаккха доьдий, цо шеца ворхӀ харцжин даладо, шел дуккха а вон долу. Уьш, цу стагана чохь шайн хӀусам а юьллий, даха ховшу. Эххар а оцу стеган хьал юьххьенца хиллачул а вон хуьлу. Изза хир ду тахана дехаш Ӏаш долчу вон адамашца а».
Copyright information for CheCAC2012