Matthew 12:9-14
Ӏийсас куьг заьӀап долу стаг туовар
(Марк 3:1-6; Лака 6:6-11)
9Цул тӀаьхьа цигара дӀа а ваьлла, церан гуламан цӀа чу вахара Ӏийса. 10Цигахь заьӀап куьг долу стаг вара. Ӏийса бехкеван бахьанаш лоьхуш болчу парушхоша Кхуьнга хаьттира: «Товрат тӀерачу хьехамаша пурба лой Далла леринчу шоьтан дийнахь нахана дарба дан?» 11 aӀийсас цаьрга элира: «Шайн уьстагӀ ор чу боьжча, аша иза хьалабоккхур бацара, Далла леринчу шоьтан де делахь а? 12Ткъа стаг мел веза ву уьстагӀал! Далла леринчу шоьтан дийнахь диканиг дан мегар ду». 13Цомгушчуьнга Ӏийсас элира: «Схьакховдаде хьайн куьг!» Цо куьг дӀакховдийра. Иза цу сохьта, важа куьг санна, то а делла, дӀахӀоьттира. 14Парушхой, вовшах а кхетта, Ӏийса шаьш муха хӀаллаквийр вара бохуш, барт бан буьйлабелира.
Copyright information for
CheCAC2012