‏ Matthew 13:10-17

Дустаран маьӀна довзийтар

(Лака 8:9, 10; Марк 4:10-12)

10Ӏийсан мурдаша, Цунна тӀе а баьхкина, хаьттира: «Хьекъале дустарш далош хӀунда дуьйцу Ахьа нахе?»

11Ӏийсас цаьрга элира: «Шуна делла ду Стигалийн Олаллин къайленаш йовзар, ткъа царна уьш йовзар ца делла. 12 aХӀунда аьлча долчунна кхин а тӀелур ду, цуьнан дерг кхин а стамлур ду. Ткъа доцучуьнгара цуьнан данне а доцург а дӀадоккхур ду. 13Цундела дуьйцу Аса царна хьекъале дустарш. Уьш хьоьжуш боллушехь, царна хӀумма а ца го дела а, ладугӀуш боллушехь, хӀумма а ца хеза я дуьйцучух ца кхета дела а. 14 bЦарна тӀехь Ешаъ-ЯхӀу-пайхамарехула Делера болу хаам кхочушхуьлу: „Аша ладугӀур ду, амма шу цунах кхетар дац,
хьоьжур ду шу, амма маьӀна къастор дац аша.
15Цу нехан дегнаш шагделла,
церан лергаш къорделла,
церан бӀаьргаш дӀахьаббина бу.
Цара иза ца леладахьара,
церан бӀаьргашна са а гур дара,
церан лергашна хезар а дара,
церан дог кӀеда а хир дара,
уьш шайна гӀо дайта Суна тӀе а богӀур бара,
Аса уьш то а бийр бара!“

16 cТкъа шу декъалдина ду, хӀунда аьлча шун бӀаьргашна го, лергашна хеза. 17Аса бакъдерг боху шуьга: дуккха а пайхамарш а, Делан лаамехь берш а лууш бара шуна гинарг ган, амма иза царна ца гина. Царна лиънера шуна хезаш дерг хаза, амма царна иза ца хезна».
Copyright information for CheCAC2012