Matthew 14:1-12
Яхьъя-пайхамаран дӀакхалхар
(Марк 6:14-29; Лака 9:7-9)
1Цу хенахь Галилай-махкахь паччахь волчу ХӀародана Ӏийсах лаьцна хезна хилла. 2Шена ялхолла лелош болчаьрга цо элира: «И стаг нах хих чекхбоху Яхьъя ву. Иза веллачуьра денвелла, цундела бу цуьнгахь тамашийна билгалонаш гайта ницкъ». 3 aИ де тӀекхачале дикка хьалха ХӀарод-паччахьо Яхьъя, схьа а лаьцна, буржалш а тоьхна, набахти чу кхоьссина хилла. Цо иза шен вешин Пилапан зуда ХӀародад бахьана долуш дина хилла. 4 bЯхьъяс цунах бехк баьккхина хилла: «Хьан йиш яц цуьнца цхьаьна ваха», – аьлла. 5ХӀарод и бехк баккхар бахьана долуш Яхьъя вен лууш хилла, амма адамех иза хӀуттуш ца хилла, цара Яхьъя лоруш тӀеэцна хилла дела. 6ХӀарод вина де тӀекхаьчча, ХӀародадан йоӀ паччахьний, цуьнан хьешашний хьалха халхаюьйлуш хилла. Цуьнан халхар чӀогӀа тайна волчу ХӀарода 7чӀагӀо йина, ша цуьнан муьлхха а дехар кхочушдийр ду аьлла. 8Шен нанас иракарахӀоттийна йолчу йоӀа элира: «Шуьна чохь нах хих чекхбохучу Яхьъян корта схьаба суна». 9Ша гӀайгӀане воьжнехь а, шен хьешашна хьалха ша йина йолу чӀагӀо бахьана долуш, ХӀарода, и дехар кхочушде аьлла, омра дина хилла. 10Яхьъян корта баккха аьлла, цо набахте нах бахийтина. 11Цара, шуьна чу а биллина, Яхьъян корта, схьа а беана, йоӀе дӀабелла, ткъа цо иза шен нанна дӀабаьхьна. 12Яхьъян мурдаша, схьа а даьккхина, цуьнан дакъа дӀадоьллина, ткъа цул тӀаьхьа, баха а бахана, Ӏийсага и дерриг дӀадийцина цара.
Copyright information for
CheCAC2012