‏ Matthew 14:13-21

Пхи эзар стаг вузор

(Марк 6:30-44; Лака 9:10-17; Яхьъя 6:1-14)

13Иза шена хезча, Ӏийса, хинкеманна тӀе а хиъна, цхьа а стаг воцучу метте дӀавахара, ша висархьама. Амма нахана и хӀума дӀахезча, шайн гӀаланашкара схьа а баьхкина, уьш хин йистехула Цунна тӀаьхьабахара. 14Ша хийисте хьалаваьлча, Ӏийсана адамийн йоккха тоба гира. Царах къа а хетта, цо царна юккъера цомгуш берш тобира. 15Суьйре тӀееъча, Цуьнан мурдаш тӀебаьхкира. Цара элира: «ХӀара меттиг яьсса ю. Вайна хан а яьлла. Нах дӀабахийта, ярташка а бахана, цаьрга шайна яа хӀума эцийта».

16Ткъа Ӏийсас элира: «Уьш дӀабаха оьшуш дац. Аша лур ю царна яа хӀума».

17Мурдаша Цуьнга элира: «Вайгахь йолу шаерг а пхи хьокхаммий, ши чӀарий бен яц».

18Ткъа Ӏийсас элира: «Уьш Со волчу схьаял». 19Цо, нах бай тӀе охьа а ховшийна, шайгахь болу пхи хьокхам, ши чӀарий схьа а эцна, стигала хьала а хьаьжна, и кхача къобалбеш, доӀа дира. ТӀаккха и хьокхамаш а, чӀерий а дакъошка декъа а доькъуш, Шен мурдашка дӀакховдадора Цо. Цара и дакъош нахе дӀалора. 20Массара а яа а йиира, уьш буза а буьзира. Цул тӀаьхьа, мурдаша тӀаьхьайисинчу яа хӀуманах шийтта тускар дуьзира. 21Цигахь яа хӀума йиъначарна юккъехь, зударий, берашший доцург, пхи эзар боьрша стаг а вара.
Copyright information for CheCAC2012