Matthew 14:17-21
17Мурдаша Цуьнга элира: «Вайгахь йолу шаерг а пхи хьокхаммий, ши чӀарий бен яц». 18Ткъа Ӏийсас элира: «Уьш Со волчу схьаял». 19Цо, нах бай тӀе охьа а ховшийна, шайгахь болу пхи хьокхам, ши чӀарий схьа а эцна, стигала хьала а хьаьжна, и кхача къобалбеш, доӀа дира. ТӀаккха и хьокхамаш а, чӀерий а дакъошка декъа а доькъуш, Шен мурдашка дӀакховдадора Цо. Цара и дакъош нахе дӀалора. 20Массара а яа а йиира, уьш буза а буьзира. Цул тӀаьхьа, мурдаша тӀаьхьайисинчу яа хӀуманах шийтта тускар дуьзира. 21Цигахь яа хӀума йиъначарна юккъехь, зударий, берашший доцург, пхи эзар боьрша стаг а вара.
Copyright information for
CheCAC2012