Matthew 14:22-33
Ӏийса хи тӀехула дӀавоьду
(Марк 6:45-52; Яхьъя 6:15-21)
22Цу сохьта Ӏийсас Шен мурдаш, хинкеманна тӀе а ховшийна, Галилай-Ӏоман дехьарачу йисте Шел хьалха дӀабахийтира, ткъа Ша нах дӀахьовсо тӀаьхьасецира. 23Нах дӀа а хьовсийна, Ӏийса Ша цхьаъ лома хьалавелира, доӀа дархьама. Суьйре тӀекхаьчча, Иза цигахь Ша вара. 24Хин кема хийистера геннахь дара. Иза тулгӀенаша дехьий-сехьий кхуьссура, кема чӀогӀа хьоькхуш болчу мохана дуьхьал доьдуш долу дела. 25Ӏуьйранна кхаа сахьтаний, ялх сахьтаний юккъехь Ӏийса уьш болчу хи тӀехула дӀаволавелира. 26Хи тӀехула Иза вогӀуш гича, Цуьнан мурдаша, кхера а белла, мохь хьаькхира: «Иза гӀаларт ду!» – аьлла. 27«Доьналла долуш хила! Со ву шуна иза! Ма кхера!» 28Цунна дуьхьал Кипас элира: «Сан Эла! Иза Хьо велахь, Хьайн лаамца со хи тӀехула Хьайна тӀе ваийтахьара Ахьа!» 29«ТӀевола!» – элира Цо. Кипа, хинкеманна чуьра охьа а воьссина, хи тӀехула Ӏийсана тӀевахара. 30Шена чӀогӀа хьоькхуш болу мох гича, Кипа кхеравелира. Ша хи буха ваха воьлча, цо мохь хьаькхира: «Ва Эла! КӀелхьарваккхахьа со!» 31Ӏийсас, сихха куьг дӀа а кховдийна, иза хьалаваьккхира. Цо цуьнга элира: «Делах кӀезиг тешаш верг! Хьайн даг чу шеко хӀунда кхоллаялийтира ахьа?» 32Уьш хинкеманна чу бевлча, мох дӀасецира. 33Цу чохь мел волчо а, корта охьа а таӀийна, Ӏийсага элира: «Хьо баккъалла а Делан КӀант ву!»
Copyright information for
CheCAC2012