b ЕшаӀ-ЯхӀу 29:13 (Грекийн).
Matthew 15:1-9
Дайша лелийна Ӏадаташ
(Марк 7:1-13)
1Ярушалайм-гӀалара баьхкинчу парушхоший, Ӏеламчу нахий Ӏийсага элира: 2«Хьан мурдаша вайн дайша лелийна Ӏадаташ хӀунда талхадо? Цара хӀума яале хьалха куьйгаш цӀандаран Ӏадат кхочуш хӀунда ца до?!» 3Царна дуьхьал Ӏийсас элира: «Ткъа аша хӀунда талхадо Дала тӀедиллина долу парзаш, шайн Ӏадаташ ца дохорхьама? 4 aДала аьлла ма ду: „Хьайн дай-наний лара“, ткъа „Шен дена я нанна неӀалт аьлларг вен веза“. 5Амма аша боху шайн дега а, нене а ала мега: „Сан шуна гӀо дан йиш яц, хӀунда аьлча шуна лерина хилларг аса Далла совгӀатна дӀало“. 6Цу дешнаша дай-наний ца лара бакъо ло. Аша Дала шайна тӀедиллина долу парз шаьш кхоьллина долу ламаст бахьана долуш дӀадаьккхина. 7Шалхо лелорш! Шух лаьцна нийса аьлла хилла ЕшаӀ-ЯхӀус ша Делера бинчу хаамехь: 8 b„ХӀокху адамаша Со багахь лору,ткъа церан дегнаш Суна дукха генахь ду.
9Церан ларамах пайда бац,
хӀунда аьлча церан хьехамаш Делера бац,
уьш адамаша кхоьллина бу“».
Copyright information for
CheCAC2012