‏ Matthew 15:10-20

Далла гергахь стаг бехвеш дерг

(Марк 7:14-23)

10Нах Шена тӀе а кхайкхина, Ӏийсас элира: «Соьга ла а догӀий, Аса бохучух кхетахьара шу: 11стеган багахула чудоьдуш долчу хӀумано Далла гергахь иза бех ца во, цу багахула арадолучо бен».

12ТӀаккха тӀебаьхкинчу мурдаша Ӏийсага элира: «Хьуна хаьий парушхой Ахьа аьлла долу дешнаш бахьана долуш шаьш юьхьӀаьржачу хӀиттина хеташ буйла?»

13Ӏийсас цаьрга элира: «Сан стигалахь волчу Дас дӀадоьгӀна доцу хӀора орамат шен орамашца схьадаьккхина хир ду. 14 aУьш машарца дӀабахийта. БӀаьрзе нах бу уьш. Царна тӀаьхьахӀоьттинарш а бу бӀаьрзе. Хьалха ваьлларг а, тӀаьхьахӀоьттинарг а, ший а бӀаьрзе хилча, и шиъ ор чу вужур ву».

15Цунна дуьхьал Кипас элира: «Кхетадехьа Ахьа тхо оцу дустарх».

16Ткъа Ӏийсас элира: «ХӀинца а оццул кхетам боцуш ду шу? 17Шун бага кхаьчна долу хӀума, зорх чу а кхочий, цул тӀаьхьа кийрара арадолу. 18 bАмма шун багара арадолуш дерг шун даг чуьра арадолуш ду. Иза ма ду стаг Далла гергахь бехвеш дерг. 19Аса иштта боху шуьга, дерриг а вониг даг чуьра арадолуш долу дела: вон ойланаш, стаг вер, ямартло, нахаца лелар, къола дар, эладита кхоллар, харцдерг дийцар. 20Иза ду стаг Далла гергахь бехвеш дерг. Ткъа стага яа хӀума яале шен куьйгаш ца диларх, иза Далла гергахь бехлур вац».
Copyright information for CheCAC2012