‏ Matthew 15:21-28

Кхечу къомах йолчу зудчун тешар

(Марк 7:24-30)

21Цигара дӀа а ваьлла, Ӏийса Цорин а, ЦӀаданан а гонах йолчу меттигашка дӀавахара. 22Йоьлхуш, Цунна тӀееара цигахь Ӏаш йолу канаӀанхойх схьаяьлла йолу цхьа зуда: «Къинхетам бехьа сох, Веза Эла, Даудан КӀант! Харцжинаша къиза хьийзош, са дуьллу меттиг яйна лелаш ю-кх сан йоӀ».

23Амма Ӏийсас цуьнга хӀумма а ца элира. Мурдаша, тӀаьхьа а баьхкина, Цуьнга дехар дира: «ДӀаэккхае и зуда! Массо а хенахь вайна тӀаьхьа а яьлла, мохь хьоькхуш ю-кх».

24Цо цаьрга элира: «Исраилан тилабеллачу уьстагӀашна бен гӀо дан ваийтина вац Со».

25ТӀаккха и зуда, Ӏийсана тӀе а еана, гора а хӀоьттина, йистхилира: «Веза Эла! ГӀо дехьа суна!»

26Ӏийсас цу зудчуьнга элира: «Нийса дац иза, берашкара схьа а йоккхуш, юург жӀаьлешна дӀакхоссар».

27Зудчо элира: «Бакъ ду иза, Эла! Делахь а жӀаьлеша а ма лехьадо хӀусамден шуьн уллора охьадоьжна долу цуьргаш».

28ТӀаккха Ӏийсас цуьнга элира: «Йиша, хьан Делах тешар чӀогӀа ду! Хьан лаам кхочуш хир бу!» Цу сахьтехь зудчун йоӀ тоелира.
Copyright information for CheCAC2012