Matthew 15:32-39
Виъ эзар стаг вузавар
(Марк 8:1-10)
32Шен мурдаш тӀе а кхайкхина, Ӏийсас цаьрга элира: «Суна къахета оцу нахах, хӀунда аьлча кхо де а ду уьш Соьца болу, ткъа царна яа хӀума яц. Уьш меца дӀабахийта Суна ца лаьа, новкъахь уьш мацалла кхин а чӀогӀа гӀел ца балийта». 33Мурдаша Цуьнга элира: «ХӀокху юьстахчу меттехь вайна мичара карор ю оццул долчу халкъана яа хӀума?» 34Ӏийсас цаьрга хаьттира: «Маса бепиг ду шуьгахь?» Цара жоп делира: «ВорхӀ бепиггий, масех чӀарий бу». 35ТӀаккха Цо массо а стаг лаьтта охьахаийра. 36ВорхӀ бепиггий, чӀерий схьа а эцна, Далла хастам а бина, куьйгаца каг а деш, Шен мурдашка кховдадора Цо, ткъа цара нахана дӀадоькъура иза. 37Массара а шаьш дуззалц хӀума йиира. ТӀаьхьайисина йолу яа хӀума мурдаша схьагулйича, ворхӀ тускар хьаладуьзира. 38Адамийн тобанна юкъахь виъ эзар стаг вара, зударий, берашший ца лерича а. 39Нах дӀасабевллачул тӀаьхьа Ӏийса, хинкеманна тӀе а хиъна, Магдан-гӀалина улло дӀавахара.
Copyright information for
CheCAC2012