Matthew 15:34-38
34Ӏийсас цаьрга хаьттира: «Маса бепиг ду шуьгахь?» Цара жоп делира: «ВорхӀ бепиггий, масех чӀарий бу». 35ТӀаккха Цо массо а стаг лаьтта охьахаийра. 36ВорхӀ бепиггий, чӀерий схьа а эцна, Далла хастам а бина, куьйгаца каг а деш, Шен мурдашка кховдадора Цо, ткъа цара нахана дӀадоькъура иза. 37Массара а шаьш дуззалц хӀума йиира. ТӀаьхьайисина йолу яа хӀума мурдаша схьагулйича, ворхӀ тускар хьаладуьзира. 38Адамийн тобанна юкъахь виъ эзар стаг вара, зударий, берашший ца лерича а.
Copyright information for
CheCAC2012