‏ Matthew 16:1-4

Ӏийсана тамашийна хӀума гайтар тӀедиллар

(Марк 8:11-13; Лака 11:29-32)

1 a Парушхой а, садукъой а баьхкира Ӏийса волчу Иза зерхьама. Цара дехар дира, шайна стигалара тамашийна билгало гайтахьара аьлла. 2Ӏийсас цаьрга элира: «Малх дӀабузучу хенахь аша олу: „Кхана хаза хенан хӀоттам хир бу, стигал цӀийелла йолу дела“. 3Малх схьакхеттачу хенахь олу: „Таханлера де йочане хир ду, хӀунда аьлча стигал цӀарула-цӀен а, кхоьлина а ю“. Шуна стигалан сибат девза, амма заманан билгалонаш къасто ца хаьа шуна. 4 bБоьхачу а, телхинчу а тӀаьхьено тамашийначу гӀуллакхийн билгалонаш лоьху, амма царна уьш гур яц, Юнус-пайхамарехула гайтина билгало бен».

Уьш шаьш болчохь а битина, Ӏийса дӀавахара.
Copyright information for CheCAC2012