Matthew 16:13-20
Кипас Ӏийсах лаьцна аьлларг
(Марк 8:27-30; Лака 9:18-21)
13Ӏийса Пилап-паччахьан гӀалин уллорачу метте веача, Цо шен мурдашка хаьттира: «Наха Адамийн КӀант мила ву боху?» 14 aЦара элира: «Цхьаболчара Хьо нах хих чекхбоху Яхьъя ву боху, вукхара Эли-ЯхӀу-пайхамар, ткъа кхозлагӀчара Хьо Ярми-ЯхӀу, я кхечу пайхамарех цхьаъ ву боху». 15ТӀаккха Цо цаьрга хаьттира: «Ткъа аша хӀун боху, Со мила ву боху аша?» 16 bШамӀа-Кипас жоп делира: «Хьо Дала леррина Къобалвинарг, дийна волчу Делан КӀант ву». 17Цо аьллачунна дуьхьал Ӏийсас жоп делира: «Декъал хилла хьо, ШамӀа, Юнин кӀант, хӀунда аьлча хьуна иза нахера ца хиъна, стигалахь волчу Сан Дегара хиъна. 18Аса боху хьоьга: хьо, тӀулг санна волу, Кипа ву. Цу тӀулга тӀехь Аса Сайх тешначийн тоба кхуллур ю. Жоьжахатин цӀеран а иза йохо ницкъ хир бац. 19 cАса стигалийн Олаллера догӀанаш лур ду хьоьга. Ахьа кху дуьнен чохь дихкинарг Дала дихкина хир ду. Ахьа дуьнен чохь магийтинарг, Дала магийтина хир ду». 20Цо шен мурдашка омра дира, Ша Дала леррина Къобалвинарг ву аьлла, цхьаьнгге а дӀа ма ала аьлла.
Copyright information for
CheCAC2012