Matthew 16:21-28
Ӏийсас Шен Ӏожаллех а, денваларх а лаьцна дуьйцу
(Марк 8:31–9:1; Лака 9:22-27; Марк 8:31–9:1)
21Цу хенахь дуьйна Ӏийсас Шен мурдашка дуьйцуш хилла Ша Ярушалайме ваха везарх а, цигахь Шен баккхийчеран а, динан коьртачу дайн а, Ӏеламчу нехан а карах бала хьега безарх а лаьцна. Цо иштта дуьйцура Ша вийна хила везарх а, амма кхозлагӀчу дийнахь веллачуьра денвала везарх а лаьцна. 22Кипа, Иза юьстах а ваьккхина, дуьхьало ян волавелира: «Дала тӀе ма доуьйтийла иза, Веза Эла! И тайпа хӀума Хьуна тӀе ма кхочийла!» 23Кипига юха а вирзина, Цо элира: «ДӀадала Суна уллора, иблис! Ахьа Суна новкъарло йо, хьан даг чохь Делан ойланаш яц, адамийн ойланаш ю». 24 aӀийсас Шен мурдашка элира: «Суна тӀаьхьахӀотта лууш болчара шайн „со“бохург дӀататта деза, шайн баланийн мохь ▼▼Баланийн мохь – бакъду, грекийн маттахь иштта яздина ду: жӀаран бӀогӀам.
схьа а эцна, Суна тӀаьхьахӀитта а беза. 25 cХӀунда аьлча шен са кӀелхьардаккха воьлларг синах вер ву, ткъа Сан дуьхьа са дӀаделлачунна бакъдолу дахар карор ду. 26ХӀун до кху дуьненах, нагахь санна цо шен са дайинехь? ХӀун до дерриг а дуьненах, нагахь стага шен са дайина хилча? 27 dАдамийн КӀант шен Ден сийлаллица, гонах маликаш а долуш, схьавеача, Цо стагана хьакъ дӀалур ду, хӀораммо а динчуьнга хьаьжжина. 28Аса баккъалла а боху шуьга: шуна юкъарчу цхьаболчарна, шаьш кхалхале, Адамийн КӀант гур ву, Шен Олаллица схьавогӀуш волу!»
Copyright information for
CheCAC2012