Matthew 16:5-12
Парушхойн а, садукъойн а муьста бод
(Марк 8:14-21)
5Хих дехьабовлуш, Ӏийсан мурдашна бепиг схьаэца дицделлера. 6 aТӀаккха Ӏийсас цаьрга элира: «Варелаш, ларлолаш садукъойн а, парушхойн а муьстачу бедах». 7И дешнаш шайна юкъахь дийцаре динчул тӀаьхьа цара элира: «Цо иза аьлла хир ду, вай новкъа довлуш бепиг схьа ца эцна дела». 8Ӏийсана-м хууш хилла цара дуьйцуш дерг. Цундела Цо элира: «Делах кӀезиг тешарш! ХӀунда боху аша шайгахь бепиг дац? 9 bХӀинца а ца кхетта шу цунах? Дагадаийтийша шайна тохарлера пхи бепиг, пхи эзар стагана вуззалц даъал хилла долу. Цул тӀаьхьа шаьш дуьзна долу тускар маса хилла а дагадаийта. 10 cТкъа шуна дага ца догӀу виъ эзар стаг вузийна долу ворхӀ бепиг а, цул тӀаьхьа шаьш дуьзна долу тускар маса хилла а? 11ХӀунда ца кхета техьа шу Аса баьпках лаьцна ца дуьйцийла? Аса шуьга ларло бохург парушхойн а, садукъойн а бод совсош тухуш болу муьста бод бу». 12ТӀаккха уьш кхийтира Ӏийсас шайга дийцинарг бод совсош болу муьста бод боцийла. Цо уьш ларбеш дерг парушхойн а, садукъойн а хьехамаш бара.
Copyright information for
CheCAC2012