Matthew 17:1-13
Ӏийса хийцавалар
(Марк 9:2-13; Лака 9:28-36)
1Ялх де даьлча, Ӏийса, Шеца Кипий, Якъуббий, цуьнан ваша Яхьъяй схьа а эцна, цаьрца лекхачу лам тӀе хьала а ваьлла, адам доццучу метте юьстахвелира. 2Цигахь, царна хьалххахь, Дала Цуьнан амат хийцира. Ӏийсан юьхь, малх санна, къегаш яра, Цуьнан бедарш бӀаьрган нур дойуш кӀайн яра. 3ЦӀеххьана церан бӀаьрг кхийтира Ӏийсаца къамел деш волчу Эли-ЯхӀу-пайхамарххий, Муса-пайхамарххий. 4Кипас Ӏийсага элира: «Веза Эла! Ма дика Ӏа вай кхузахь! Хьуна лаахь, аса кхузахь кхо кхалор хӀоттор ю: цхьаъ Хьуний, цхьаъ Мусаний, кхозлагӀниг Эли-ЯхӀуний». 5 aЦо иза олучу юккъехь, лепаш йолу марха тӀе а еана, уьш дӀахьулбелира цуьнан ӀиндагӀехь. Мархи юккъера царна аз хезира: «ХӀара ву Суна дукхавезаш волу Сан КӀант! Цуьнгахула бу Сан лаам! ЛадогӀалаш Цуьнга!» 6И аз шайна хезча, мурдаш, чӀогӀа кхерабелла, бертал лаьтта охьаийгира. 7Ӏийсас, царна тӀе а веана, царах куьг а Ӏоьттина, элира: «Ма кхерало, хьалагӀовтта!» 8Кортош хьалаайича, Ӏийса воцург, гонах цхьа а стаг ца гира царна. 9Уьш лам тӀера охьабуьссучу хенахь Ӏийсас Шен мурдашка элира: «Адамийн КӀант веллачуьра денваллалц цхьаьнгге а шайна гинарг ма дийцалаш!» 10 bТӀаккха Ӏийсан мурдаша хаьттира: «Хьалха Эли-ЯхӀу-пайхамар ван веза хӀунда олу те Ӏелам наха?» 11Ӏийсас жоп делира: «ХӀаъ, Эли-ЯхӀус, ван а веана, массо а хӀуманна тӀехь низам хӀоттор ду. 12 cАмма Аса боху шуьга, Эли-ЯхӀу цкъа веанера шуна. Нахана иза ца вевзинера. Ткъа цара цуьнца шайна луъург лелийнера. Цо санна, Адамийн КӀанта а хьоьгур бу бала и нах бахьана долуш». 13ТӀаккха царна хиира Цо вуьйцуш верг нах хих чекхбоху Яхьъя вуйла.
Copyright information for
CheCAC2012