Matthew 17:14-21
Жино хьийзош волу кӀант туовар
(Марк 9:14-29; Лака 9:37-43)
14Ӏийса адамаш долчу юхавирзича, Цунна тӀевеара цхьа стаг. Цунна хьалха гора а хӀоьттина, цо элира: 15«Веза Эла! Къинхетам бехьа сан кӀантах! Иза лазар догӀуш ву. Цо чӀогӀа Ӏазап хьоьгу. Лазар тӀедеъча, иза цӀерга а вужу, хи чу а волу. 16Аса Хьан мурдаш болчу валийнера иза, амма цаьрга цунна дарба дан ца делира». 17Ӏийсас элира: «Галбевлла болу нах! Ва тешар доцу тукхам! Мел хир ву техьа Со шуна юкъахь? Мел лан деза техьа Аса шу? Схьавалаве иза Со волчу!» 18Ӏийсас жине, арадала аьлла, омра дира. Цу сохьта кӀант товелира. 19Ӏийса Ша волчу хенахь Цуьнан мурдаша, тӀе а баьхкина, хаьттира: «Тхоьга хӀунда ца даккхаделира те и жин ара?» 20 aЦо элира: «Шун Делах тешар кӀезиг долу дела. Аса баккъал боху шуьга: нагахь санна шун Делах тешар жимачу буьрттигал а белахьара, и лаьтташ болчу цу ломе аша „ДӀахила“аьлча, иза дӀахуьлур бара. Шуьга да ца луш цхьа а хӀума хир дацара» ▼▼Цхьадолчу тептарш тӀехь аят 21 тӀетоьхна ду: Ткъа хӀара тайпа долу хӀуманаш доӀанций, мархиций дӀадаккхалур ду.
. Ӏийсас юха а шен вала везарх а, денвала везарх а лаьцна дуьйцу
(Марк 9:30-32; Лака 9:43б-45)
21–
Copyright information for
CheCAC2012