Matthew 18:1-5
Мурдех лакхарниг мила ву?
(Марк 9:33-37; Лака 9:46-48)
1 aӀийсана тӀе а баьхкина, Цуьнан мурдаша хаьттира: «Стигалийн Олаллехь уггар лакхара верг мила ву?» 2Цо, бер тӀе а кхайкхина, мурдашна юккъе иза дӀа а хӀоттийна, 3 bэлира: «Аса баккъалла боху шуьга: шайн дегнаш цӀан а дина, бераш санна дӀа ца хӀиттахь, Стигалийн Олалла тӀе а лаьцна, шу цкъа а Делаца хир дац. 4ХӀара бер санна, муьтӀахь а хилла, дӀахӀоьттинарг Стигалийн Олалла тӀелаьцначарна юкъахь уггар лакхара ву. 5Сан дуьхьа иштта цхьа бер тӀеоьцучо Со а оьцу тӀе».
Copyright information for
CheCAC2012