Matthew 19:1-12
Стага зуда дӀаяхийтарх лаьцна хьехам
(Марк 10:1-12)
1Шен къамел чекхдаьллачул тӀаьхьа Ӏийса, Галилай-махкара дӀа а вахана, ЯхӀуд-махкарчу Йордан-хина дехьарачу агӀонгахь йолчу метте веара. 2Цунна тӀаьхьа хӀоьттина лелаш адамийн тобанаш яра, Цо царна цигахь дарбанаш а дира. 3ТӀаккха Ӏийсана тӀе парушхой баьхкира, Иза зерхьама. Цара хаьттира: «Бакъонехь нийса хир дуй муьлххачу бахьанехь а стаг шен зудчух дӀасакъастар?» 4 aӀийсас жоп делира: «Аша ца дешна Кхоьллинчо и шиъ юьхьанца стаггий, зудий кхоьллина хиларх лаьцна? 5 bЦигахь аьлла ду: „Иза бахьана долуш, шен дай-наний а дитина,стаг шен зудчуьнца цхьаьнакхетар ву.
ТӀаккха и шиъ цхьаъ хир ду“.
6ХӀинца уьш шиъ доцуш, цхьаъ санна долу дела, цхьаммо а къаста ма дойла Дала цхьаьнатоьхнарг!» 7 cТӀаккха цара Цуьнга хаьттира: «Ткъа Мусас тӀе хӀунда диллина, дӀасакъастарх лаьцна йозанца дина долу тоьшалла зудчуьнга дӀа а лой, цуьнца дӀасакъаста аьлла?» 8Ӏийсас цаьрга элира: «Шун дегнаш къиза долу дела елла шуна Мусас зудчуьнца дӀасакъаста бакъо. Амма дуьххьара иштта ца хилла. 9 dТкъа Аса боху шуьга: зуда сийсаза лелар бахьана а доцуш, кхин хӀума бахьана долуш иза йита а йитина, шена кхин зуда ялийна волу стаг, ямартло еш ву». 10Мурдаша Цуьнга элира: «Майрачун зудчунна хьалха долу декхарш иштта делахь, цунна зуда а ца ялош Ӏер гӀолехь ду». 11Ткъа Цо элира: «Дала шена деллачунна чохь бен тарлур дац Сан дешнаш ▼
▼Цу аятан важа маьӀна иштта мегар дара: Шена Дала деллачо бен тӀелоцур дац Сан дешнаш.
. 12Цхьаберш шаьш дуьнен чу бовллушехь ваьӀна стаг санна хуьлу, вуьш – нах бахьанехь хуьлу иштта, ткъа кхозлагӀнаш Стигалийн Олалла бахьана долуш зуда ца ялош соцу. Шена и хьехам чохь тарлочунна иза чохь тарлойла».
Copyright information for
CheCAC2012