Matthew 19:13-15
Ӏийсас бераш декъалдо
(Марк 10:13-16; Лака 18:15-17)
13Ӏийса волчу бераш далийра, царна тӀе куьйгаш а дехкина, Цуьнга доӀа дайтархьама. Амма Цуьнан мурдаш резабоцуш, бераш далош баьхкинчарах бехкаш дохуш, луьйш бара. 14Ӏийсас элира: «ХӀара бераш тӀедахкийта Суна, царна дуьхьало ма е, хӀунда аьлча Стигалийн Олалла тӀелаьцнарш уьш санна бу». 15Царна тӀе куьйгаш а дехкина, Цо уьш декъалбира. Цул тӀаьхьа Иза цигара дӀавахара.
Copyright information for
CheCAC2012