a Арадаккхар 20:13; Карлабаьккхинарг 5:17; Арадаккхар 20:14; Карлабаьккхинарг 5:18; Арадаккхар 20:15; Карлабаьккхинарг 5:19; Арадаккхар 20:16; Карлабаьккхинарг 5:20.
Matthew 19:16-30
Хьалдолу стаг
(Марк 10:17-31; Лака 18:18-30)
16Цхьана стага, Ӏийсана тӀе а веана, хаьттира: «Устаз, муьлха дика болх бан беза аса Дела волчохь хедар доцучу дахаре со нисвалийта?» 17Ӏийсас цуьнга элира: «Соьга хӀунда хоьтту ахьа, диканиг муьлха ду бохуш. Цхьаъ бен вац Диканиг. Ткъа хьо Дела волчохь хьайн дахар нисдалийта лууш велахь, хьайна тӀедиллина парзаш кхочушде». 18 aЖимачу стага хаьттира: «Муьлха парзаш?» Ӏийсас жоп делира: «Адам ма де, нахаца ма лела, къола ма де, харц тоьшалла ма де, 19 bдай-наний а лара, хьайн уллораниг хьо санна веза». 20Жимачу стага Цуьнга элира: «Иза шадерг а аса кхочушдина, кхин хӀун оьшу суна?» 21Ӏийсас жоп делира: «Кхачамалла йолуш хьо хила лууш велахь, ваха а гӀой, хьайн мел долу хӀума дӀа а дохкий, къечарна дӀасадекъа, тӀаккха стигалахь жовхӀар хир ду хьан. ТӀаккха, схьа а волий, Суна тӀаьхьахӀотта». 22И дешнаш шена хезча, жима стаг, гӀайгӀане а воьжна, дӀавахара, хӀунда аьлча иза чӀогӀа хьал долуш вара. 23Шен мурдашка Ӏийсас элира: «Баккъалла а боху шуна Аса: хала ду хьалдолчунна, Стигалийн Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь хила. 24Кхин цхьаъ а эр ду Аса шуьга: эмкална механ Ӏуьргахула чекхъяла атта ду, хьалдолчунна, Делан Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь хуьлучул». 25Мурдаша, иза шайна хезча, чӀогӀа цец а бевлла, хаьттира Цуьнга: «Ткъа мила ваккхалур ву кӀелхьара?» 26Цаьрга а хьаьжна, Ӏийсас элира: «Адамашка иза кхочушдалур дац, амма Деле дан а ца луш хӀумма а дац». 27Кипас Цуьнга элира: «Хьажахьа! Дерриге Ӏадда а дитина, Хьуна тӀаьхьа хӀиттина-кх тхо. Тхоьга хӀун кхочур ду?» 28 cӀийсас цаьрга элира: «Баккъалла а боху Аса шуьга: керла дуьне дӀа а хӀоттийна, Адамийн КӀант Шен сийлахьчу паччахьан гӀанта тӀе охьахуун волчу хенахь, Суна тӀаьхьахӀиттина шу а цигахь хир ду. Исраилан халкъана юкъарчу шийтта тайпанна кхел а еш, шу шийтта паччахьийн гӀанташна тӀе охьаховшур ду. 29Сан дуьхьа шен цӀа, я вежарий-йижарий, я да а, нана а, я бераш, я шен бахам битина волчу стеган хьал бӀозза дукха стамлур ма ду, ткъа Дела волчохь хедар доцу дахар а хуьлуьйтур ду цуьнан. 30 dАмма хӀинца хьалхе йоккхуш болу дукхахберш тӀаьхьара хир бу, ткъа тӀаьхьарнаш хьалхара хир бу».
Copyright information for
CheCAC2012