Matthew 20:20-28
Якъубан а, Яхьъян а дехар
(Марк 10:35-45)
20Цу хенахь шен кӀенташца Зевадин зуда тӀееара Цунна. Гора а хӀоьттина, Цуьнга дехарца йистхилира иза. 21Ӏийсас цуьнга хаьттира: «Хьуна хӀун оьшу?» Цо жоп делира: «Суна чӀагӀо ехьа, Хьан Паччахьаллехь хӀара сан ши кӀант Хьайна юххехь охьахуур ву аьлла. Цхьаъ Хьуна аьтту агӀор, важа аьрру агӀор охьахаавехьа». 22Амма Ӏийсас элира: «Шаьш хӀун доьху а ца хаьа шуна. Аса молу къаьхьа кад малалур буй те шуьга?» «Бу», – элира цара. 23Ткъа Ӏийсас цаьрга элира: «Аса молу къаьхьа кад-м мер бу аша. Амма Суна аьтту агӀор, я аьрру агӀор охьахаар – иза Сан карахь дац. Сан Дас и меттигаш цхьаболчу нахана кечйина, уьш хила еззачеран хир ю». 24Иза шайна хезча, висина итт мурд оьгӀазвахара цу шинна. 25 aАмма Ӏийсас, уьш Шена тӀе а кхайкхина, элира цаьрга: «Шуна хууш ма ду, кхечу къаьмнийн куьйгалхоша шайн адамашна тӀехь олалла дойла а, ткъа лакхара хьалдолчу наха уьш бацабойла а. 26 bАмма шуна юкъахь хила ца деза иштта. Шух уггар лакхара хила лууш верг шун ялхо хила веза. 27Шух хьалхара хила лууш верг шун лай хила веза. 28Адамийн КӀант а ма ца веана Шена хьалхара гӀуллакх дайта. Иза нахана гӀуллакх дан а, Шен дахар дӀадала а веана, дукхахболчеран къинош дӀатакхархьама».
Copyright information for
CheCAC2012