bЗабур 117:25, 26.
Matthew 21:1-11
Ӏийса декъалварца Ярушалайма чувар
(Марк 11:1-11; Лака 19:28-40; Яхьъя 12:12-19)
1Ярушалаймана улло а баьхкина, Зайт-диттийн ломана уллохь Ӏуьллуш йолчу Бет-Паге шаьш кхаьчча, Ӏийсас Шен мурдех шиъ вахийтира, 2хьехар а дина: «Шайна хьалха Ӏуьллуш йолчу юьрта а гӀой, уллохь вирбекъа а йолуш, дӀайихкина йолу вир шайна гича, иза схьа а ястий, уьш а ялош, Суна тӀе схьадуьйла. 3Шайга цхьаммо хаттахь, аша ала деза: „Уьш Элана оьшуш ю. Цо уьш сихха юха схьаялайойтур ю“». 4И шадерг а хилла пайхамарехула аьлла хилларг кхочушхилийтархьама: 5 a«ДӀаала Цийонан йоӀе:„Хьажал, хьан Паччахь ву хьо йолчу тӀевогӀуш!
Цуьнан эсала амал ю.
Иза вирана тӀехиъна вогӀу,
боьршачу вирбокъана тӀехиъна вогӀу!“»
6Цуьнан мурдаша, бахана, Цо аьлларг кхочушдира. 7Цара виррий, вирбекъий схьаялийра, царна тӀе шайн бедарш а ехкина. ТӀаккха Ӏийса цу бедаршна тӀехула вирана тӀехиира. 8Адамийн тобанна юкъахь болчара шайн бедарш некъа тӀе охьатуьйсура, вукхара диттийн гаьннаш, схьа а хедош, некъа тӀе охьадохкура. 9 bЦунна хьалха а, тӀехьа а адамийн тобанаш яра. Цара, мохь а бетташ, бохура: «Хастам бу Даудан КӀантана! Декъал хуьлда Везачу Элан цӀарах вогӀуш Верг! ХӀашанна! ▼
▼ХӀашанна – иза «кӀелхьардаха хӀинца!» бохург ду, ткъа цу меттехь «Далла бу хастам» бохучух терра ду.
Хастам бу стигалшкарчу Веза Воккхачу Далла!» 10Иза Ярушалайме чувеача, ерриг а гӀалара адамаш синтем байна дара, цара вовшашка хоьттура: «Иза мила ву?» 11Адамийн тобанна юкъара царна жоп делира: «Галилай-махкахь йолчу Назарт-гӀалара Ӏийса-пайхамар ву», – аьлла.
Copyright information for
CheCAC2012