‏ Matthew 21:12-17

Делан цӀийнан керт цӀанъяр

(Марк 11:15-19; Лака 19:45-48; Яхьъя 2:13-22)

12Ӏийсас, Делан цӀийнан керта а вахана, цигахь йохкаэцар лелош мел верг аралаьллира. Цо ахчанаш хуьйцучеран гӀопастанаш а, кхокхий духкучеран гӀанташ а харцийра. 13 aЦо элира: «Яздина ду: „Сан цӀа доӀанаш ден цӀа олуш хир ду“.

Ткъа аша кхунах „зуламхойн бен“бина».

14Делан цӀийнан кертахь волчу Цунна тӀеэха буьйлабелира бӀаьрзенаш, астагӀнаш. Цо уьш тобира. 15Динан коьртачу дайшний, Ӏеламчу наханий Цо лелош долу тамашийна хӀуманаш гича а, Делан цӀийнан кертахь бераша детта маьхьарий: «Хастам хуьлда Даудан КӀантана!» – бохуш шайна хезча а, уьш карзахбевлла хьаьвзира. 16 bЦара Ӏийсага хаьттира: «Хьуна хезий цара бохург?»

Ӏийсас жоп делира: «Хеза. Аша цкъа а ца дешна: „Кегийчу берийн а, декхаш долчу берийн а багахула
бойтур бу Ахьа хастамаш“?»

17Цигара дӀа а ваьлла, Ӏийса Бет-ХӀине вахара. Буьйса цигахь яьккхира Цо.
Copyright information for CheCAC2012