Matthew 21:20-22
20И сурт шайна гича, Кхуьнан мурдаша, чӀогӀа цец а бевлла, хаьттира: «И комаран дитт муха дакъадели сел сиха?» 21 aӀийсас цаьрга жоп делира: «Аса баккъалла а боху: шун, шеко а йоцуш, чӀогӀа тешар делахь, шуьга хӀокху комаран диттана хилларг дан ницкъ кхаьчна а ца Ӏаш, аша и лаьтташ болчу ломе: „Хьала а балий, хӀордана чу кхоссало“, – алахь, иза а кхочуш хир ду. 22Аша доӀанехь Делах тешарца доьхуш мел дерг а кхочуш хир ду».
Copyright information for
CheCAC2012