Matthew 21:23-27
Ӏийсан олалла шеконе диллар
(Марк 11:27-33; Лака 20:1-8)
23Иза, Делан цӀийнан керта а веана, нах Ӏамош волчу хенахь динан коьртачу дайша а, къаноша а, Кхунна тӀе а баьхкина, хаьттира: «Муьлхачу бакъонца ду Ахь деш дерг? Хьан елла Хьуна и бакъо?» 24Ӏийсас цаьрга жоп делира: «Аса а дийр дара шуьга цхьа хаттар. Цунна аша жоп лахь, тӀаккха Аса а эр ду шуьга, хьенан бакъонца деш ду и дерриг а. 25Яхьъяс адамаш хих чекхдахар мичара дара? Стигалара дара я Адамашкара дара?» ТӀебаьхкинарш вовше барт бан хӀиттира: «Нагахь вай: „Стигалара яра“, алахь, Цо хоттур ду: „Цунах хӀунда ца тийшира шу?“– аьлла. 26Амма нагахь: „Адамашкара яра“, – алахь, нахера кхерам бу вайна, хӀунда аьлча Яхьъя цара пайхамар лоруш ву». 27Ӏийсана цара жоп делира: «Тхуна ца хаьа», – аьлла. ТӀаккха Цо цаьрга элира: «Ас а эр дац шуьга, муьлхачу бакъонца деш ду Айса деш дерг».
Copyright information for
CheCAC2012