b Забур 117:22, 23.
Matthew 21:33-46
Кемсийн беш лелорхочух лаьцна хьекъале дийцар
(Марк 12:1-12; Лака 20:9-19)
33 a«ЛадогӀалаш кхин а цхьана хьекъалечу дийцаре. Цхьана шен долахь латта долчу стага кемсаш йийна хилла. Цу бешана гонах керт а йина, кертахь мутт даккха ор а кечдина, Ӏуналлина бӀов а хӀоттийна цо. Уьш лело белхалой а лаьцна, цӀера ваьлла хилла иза. 34Кемсаш схьагулъян хан тӀекхаьчначу хенахь, цо кемсаш лелош берш болчу шен ялхой бахийтина шена догӀу дакъа схьаэца. 35Амма цара, кхо бахкийтина болу нах схьа а лаьцна, царах цхьанна чӀогӀа йиттина, важа вийна, ткъа кхозлагӀниг, тӀулгаш диттина. 36ТӀаккха цо кхин а хьалха бахийтинчул сов ялхой бахийтина. Цаьрца а изза „гӀиллакх“хӀоттийна кемсашлелорхоша. 37Эххар а цо шен кӀант вахийтира, олуш: „Сан кӀанте-м ларам хир ма бу церан“. 38Шайна кӀант гича, цара вовшашка элира: „Иза хин олу хӀусамда ву. Иза вен а вийна, цунна кхочу болу бахам вай ваьшна бита беза“. 39Цунна тӀе а кхетта, кемсийн бешара иза ара а ваьккхина, цара иза вийна. 40Шуна муха хета, хӀун дийр ду кемсийн беш йолчу дас, ша цига веача?» 41Цара Ӏийсага элира: «Цо уьш, къа ца хеташ, хӀаллакбийр бу, ткъа кемсийн беш кхечаьрга йолах болх бан тӀелоцуьйтур ю, шена догӀуш долу дакъа, хан тӀекхаьчча, схьалун долчаьрга». 42 bӀийсас цаьрга элира: «Аша ца дешна Делан Йозанашна тӀехь дерг: „ГӀишло еш пхьераша дӀакхоьссина тӀулгцӀийнан сонан йистехь коьрта тӀулг хилла, дӀахӀоьттина.
Иза Везачу Эло дина ду,
вайна гергахь и чӀогӀа инзаре а ду!“
43Цундела Аса боху шуьга: Делан Олалла, шуьгара схьа а даьккхина, цунах Далла пайда бийр болчу нахе дӀалур ду. 44Цу тӀулга тӀе охьавоьжнарг аталур ву, ткъа и тӀулг цхьанна тӀебоьжча, цо иза хьошур ву». 45Шайна Цо дуьйцург хезча, динан коьрта дай а, парушхой а кхийтира, Цо дуьйцурш шаьш дуйла. 46Иза схьалаца дагадеара царна, амма Ӏийса пайхамар лоруш болчу нахах уьш и дан ца хӀуьттура.
Copyright information for
CheCAC2012