‏ Matthew 22:1-10

Доккхачу тойнах лаьцна хьекъале дийцар

(Лака 14:15-24)

1Ӏийсас юха а царна цхьа хьекъале дийцар далийра. Цо элира: 2«Стигалийн Олаллехь иштта ду. Цхьана паччахьо шен кӀантана зуда ялош той кечдина. 3Цо шен ялхой бахийтина хилла, хьалххе кхайкхина хиллачу хьешашка тойне схьадуьйла аьлла, амма вукхарна цига бахка ца лиъна. 4Цо юха а ялхой бахийтина хьешашка дӀаала: „ЛадогӀалаш. Той дӀадахьа мел оьшуш дерг долуш ду. Дустийна долчу бежанашна урс а хьаькхна, шадерг а кийча ду. Дуьйлийша зуда ялочохь хӀоттийначу тойне“. 5Амма хӀокхара кхайкхина болчу хьешашна цига бахка ца лиъна, уьш шайн гӀуллакхашка маьӀ-маьӀӀе дӀасабевлла. Цхьаъ шен кха тӀе болх бан вахана, важа шен йохкаэцар лело вахана, 6ткъа вукхара, паччахьан ялхой схьа а лаьцна, уьш бала боллалц йиттина охьабехкина. 7Паччахь чӀогӀа оьгӀазвахана. Цо, шен эскархой а бахийтина, шен ялхой байинарш байийтина, церан гӀала а ягийна. 8ТӀаккха цо шен ялхошка элира: „Дерриг а кийча ду той дӀадахьа. Амма тойне кхайкхинарш кхуза бахка хьакъ долу нах ца хилла. 9Даха а гӀой, хӀора некъ галморзаха болучу меттера нах схьакхайкха со волчу“. 10Ялхоша, баха а бахана, массо а меттера нах схьакхайкхина. Царна юкъахь дика нах а, вон нах а хилла. Хьешийн цӀа хьаладуьзна хилла цара.
Copyright information for CheCAC2012