‏ Matthew 22:15-22

Паччахьна ял яларх лаьцна

(Марк 12:13-17; Лака 20:20-26)

15ТӀаккха парушхой, ара а бевлла, шайна юкъахь барт беш хилла, Ӏийса дош харцдаьллачу меттехь муха лоцур вара техьа бохуш. 16Цара шайн мурдаш бахийтина Иза волчу, царах хӀародхой а тоьхна. Мурдаша Ӏийсага элира: «Устаз! Тхуна хаьа Ахьа бакъдерг дуьйцийла а, Далла тӀе боьду некъ нийса хьоьхийла а. Наха Хьайна олучух гӀайгӀа беш а вац Хьо, хӀунда аьлча Хьо стеган дарже ца хьожу. 17Алахьа тхоьга, Хьуна хӀун хета, нийса дуй те римхойн паччахьна ял ялар я дац?»

18Ӏийсана хууш яра церан ямарта ойланаш, цундела Цо элира: «Шалхончаш! Со стенна зоь аш? 19Схьагайта Суна шаьш йолана луш долу ахча».

Цунна дато динари-ахча схьадеара.
20ТӀаккха Цо хаьттира: «Хьенан сурт ду кху тӀехь диллинарг, хьенан цӀе ю язйинарг?»

21Цара элира: «Римхойн паччахьан».

ТӀаккха Ӏийсас цаьрга элира: «Делахь, паччахьна паччахьна доггӀург дӀало, Далла – Далла доггӀург».

22Шайна иза хезча, уьш, цец а бевлла, дӀабахара.
Copyright information for CheCAC2012